ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхороев ИбрехIим вийна ГIалгIайчохь


Меттигерчу Телеграм-каналехь яздарехь, ГIалгIайчохь вийна шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжин кIентан кIант Белхороев ИбрехIим. Чевнаш йина иза дIасалелочу шоферна Аушев Абона.

Несарарчу Пионерская олучу урамехь шен машенчохь герз тоьхна вийна Белхороев. Болчу хаамашца, оцу сохьта велла ИбрехIим,ткъа цуьнан машенан урхалла дийриг чолхечу хьолехь дарбан цIийне кхачийна.

Белхороев ИбрехIима критика йора мехкан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекна. ГIадужу-баттахь ГIалгIайчоьно Нохчийчоьнца латтанаш хийцича, дуьхьалбевллачу протестхойн агIо лаьцнера цо.

XS
SM
MD
LG