ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера Москох схьакхачийна 30 бер


Шайн наношца Иракъерчу набахтешкахь латтийна Оьрсийчуьра 4 шарера 15 шаре кхаччалц долу 30 бер Москох кхачийна. Кеманчохь цаьрца цхьана хилла берийн омбудсмен Хирахматов Хьамзат а, Оьрсийчохь берийн бакъонаш ларъян векал йина Кузнецова Анна а, Сербскийн цIарахчу Институтан директоран гIовс Козлов Александр а.

"Кавказ.Реалии" портале СПЧ-н декъахочо Саратова Хедас хаамбарца, царех 24 бер Дагестанера ду, 3 Нохчийчуьра, кхин а 3 Москохара а, Пензера а.

Раменское аэропортехь охьадоьсина кема, цигара дIа "Здоровье детей" Къоман талламан центре дIакхачор ду уьш, цхьана ханна реабилитацин курс чекхйоккхуш.

Хьалхо Маршо Радионо яздира, Иракъехь а, Шемахь а хIинца а 2 эзар гергга бер а, зударий а буьсуш хиларх. Оьрсийчубрчу ФСБ-н сацамца, стохка дуьйна сацийна дара зударий цIабалор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG