ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхороев ИбрехIиман хIусамехь бIеннашкахь нах гуллуш бу


Несарахь вийначу Iеламчан Белхороев ИбрехIиман кертахь гуллуш бу цуьнан агIончаш.

Маршо Радионо Iорадаьккхира, кIиран буса Белхороев БатIал-Хьаьжин кIентан кIант Белхороев ИбрехIим верах лаьцна. Чевнаш хилла цуьнан машенан урхалла дечу Аушев Абона.

Боллу урам дIа а лаьцна, машенашкахь дуккха а адамаш гIоьртина Белхороев ваьхначу цIийне.

Белхороевн лулахоша дийцарехь, кIиран буьйса юккъе яхначул тIаьхьа шен хIусамна герггахь вийна иза.

"Huyndai Solaris" олучу автомобил тIехь шен машенлелорхочуьнца цхьана вогIуш хиллера иза, цIеххьана автоматан герзаш девллачу заманчохь", - дийцина "Кавказан узел" агенталле меттигерчу вахархочо.

Цунна хетарехь, Белхороевн Iедалшца хилла конфликт бахьана долуш вийна хила а мега иза. Иштта цо аьлла, Белхороев полисхойн декъанна цхьа километр хиллал гена йолчу меттигехь вийна хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG