ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу шен иллехь Хьабиб хьахийна Тиматис


Керла араяьккхинчу шен трекехь UFC-н чемпионца Нурмагомедов Хьабибца хилла конфликт хьахийна Оьрсийчоьнан рэперо Тиматис.

Шаьшинна юккъехь дов дац аьлла, къадам бина цо. Ишта дешнаш ду цуьнан илли юкъахь: "Салам, Дагестан, проблемаш яц Хьабибца".

Хьалхо Дагестанехь Тиматин накъостан Крид Егоран концерт юкъахъяьккхича, социалан машанашкахь Нурмагомедовс комментари йитинера: "Доккха зен дацара иза-м" аьлла.

ХIетахь Тимати Крид Егорна тIехIоьттича, конфликт иккхира Нурмагомедовна а, Тиматина а юкъахь.

Инстаграмерчу шен пена тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, латархочунна Нурмагомедов Хьабибна а, иллиалархочунна Тиматина а юкъахь ша бартбина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG