ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара Iамеркан эскарш арадахар лагIдан сацамбина Трампа


Шемара Iамеркан эскарш арадахаран процесс лагIъян Iалашо хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан. КIайчу цIийнан куьйгалхочуьнца цхьанакхетар дирзинчул тIаьхьа бина и хаам сенаторо-республиканхочо Грэм Линдсис. Оцу юкъанна президента ца хийцина, контингент пачхьалкхе юхаерзо хIоттийна ша план.

CNN телеканало билгалдаккхарца, дахначу кIиранах Иракъехь хиллачул тIахьа хийцина Трампа эскарш Шемара арадахаран шен позици. Цигахь Iамеркан президент цхьанакхеттера тIеман буьйранчашца, цара дийцира "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан дерриг а хIу дайина цахиларх.

Карарчу беттан 19-чохь дIахьедира Трампа, тIейогIучу заманчохь Шемара Iамеркан эскарш юхадерзо воллу ша аьлла. Iамеркан агIончашна ца тайна ца Iаш, Конгрессехь а емалдира Трампан дIахьедар. ТIеман министраллан урхалхочо Мэттис Джеймса шегара дарж охьадиллира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG