ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца туризм кхиош бинчу бертана реза вац Эстонин политик


Эстонин цIарах Европарламентехь депутат волчу Паэт Урмаса критике диллина, Отепянан Iедалша Нохчийчоьнца юкъарлонаш лело бартбар. Эстонин хаамийн гIирсаша бина цунах хаам.

"Адамийн бакъонаш шога хьоьшуш ву аьлла, цIеяхначу Нохчийчуьрчу Кадыровн ражца кху беттан 19-чохь Отепянан урхалхоша куьйгашъяздина. Оцу документ тIехь Iедалша тIелаьцна, низамаш ца лардарца а, репрессеш лелорца а гIараяьллачу Нохчийчохь лела низамаш лара", - билгалдаьккхина Паэта. Отепянан урхалле кхайкхамбо политико, Нохчийчоьнца бина барт юкъахбаккха аьлла.

Юкъахь туризм кхиорехь декларацина куьйгашяздира кху беттан 19-чохь Отепянан урхалла дечу къаночо Тамберг Кайдос а, Нохчийчоьнан туризман министро Байтазиев Муслима а.

Кху шеран гурахь Нохчийчохь хиллачу Тамбера дIакхайкхийра, регион комаьрша а, паргIат а меттиг бу аьлла. Шена догIучунна, цо хьошалгIа кхайкхира Эстони туризман министр Байтазиев.

Доьдучу шеран бIаьста Эстонис дихкира "Магнитскийн тептаре" ваьккхинчу 49 стагна шайн пачхьалкхе ван. Царлахь вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG