ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2018-чу шарахь дуьненчохь 94 журналист вийна


2018-чу шарахь 94 журналист вийна дуьненчохь, царех 84 леринчу Iалашонца тIелатар дина хIаллаквина ву. Дуьненаюкъарчу журналистийн федерацино (International Federation of Journalists) бина и хаам. Дуьххьара кхаа шерачохь байинчу журналистийн терахь лакхадаьлла цул хьалхарчу шерашца дуьстича.

2017-чу шарахь вийра шайн профессионалан декхарш кхочушдаран бахьанашца 82 журналист.

Дахначу шарахь хаамийн гIирсашна болх бан уггар а кхераме ю аьлла билгалъяьккхинчу ОвхIанистанехь 16 журналист вийна.

Тептарехь шолгIачу могIарехь ю Мексика – 11 вийна цигахь. 3-гIа Йемен ю – цу пачхьалкхехь тIе куьгдаьхьна 9-нна.

Кабулехь динчу терактехь кху бIаьста вийра 9 журналист- царлахь Маршо Радион ши корреспондент а вара.

Кхераме лоручу итт пачхьалкхашлахь 6-чу могIаре язйина ю Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ. 2018-чу шарахь прессан 5 белхахо вийра цигахь. Iамеркан Мэриленд штатерчу Аннаполис гIалахь Capital Gazette хьостан редакцехь герзаш диттинера цхьана зуламхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG