ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох лаьцначу "шпионна" шайн консул тIевитар тIедожийна Iамерко


Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIалаьцначу шайн пачхьалкхан вахархочунна консул тIевита аьлла, тIедожийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Оршотдийнахь бина цунах хаам пачхьалкхан департаментан векало, Оьрсийчоьно шайн вахархо шаьш дIалацарх хаийтича.

Венехь тIеэцначу конвенцица а догIуш, шайн стагна консул тIевита аьлла, тIедиллина Iамерко. Оьрсийн къайлахчу сервисаша Москох Iамеркахо дIалаьцна, шпионалла лелош хилла иза аьлла, шеконаш кхоллаелла.

ФСБ-но бинчу хаамехь яздо, лаьцначу Уилан Полна дуьхьал бехкталламан гIуллакх долийна хиларх. Оьрсийчоьнан низамашца, 20 шо гергга хан йогIу цунна набахтехь яккха.

"Голос Америки" хьостан корреспонденто билгалдаккхарца, муьлххачу а хеттаршна жоьпаш а луш, Москох кийча ю Вашингтонца дийцарш дIадахьа аьлла, Керлачу шарца Трамп декъал а веш, президент Путин Владимир зIене ваьлла 24 сахьт даьллачул тIаьхьа кхаьчна Уилан дIалацарх информаци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG