ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан исторехь кхиаме дара 2018-гIа шо аьлла Трампа


ДIадахна 2018-гIа шо кхиаме дара аьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда, Керлачу шарца динчу дIахьедарехь. ТIаьххьарчу шина шерачохь бинчу белхашка хьаьжча, шен администраци пачхьалкхан исторехь уггар а кхиаме ю аьлла президенто. Мексикаца а, Канадица а, Къилба Корейца а хилла барт а, ГIажарийчоьнца "къемате контракт" юкъахдаккхар а карладаьккхина Трампа.

Уггар а мехала хета КIайчу цIийнан куьйгалхочунна Къилба Корейца (КНДР) шен хилла дийцарш. Цул тIаьхьа дитира КНДР-а зарратан герзах пайдаэцар. Ишта Трампа дагадоуьйту, Тель-Авивера Иерусалиме Iамеркан консулалла дехьаяккхар а.

Мексикаца долчу дозанехь пен богIар а хьахийна Iамеркан президенто, ишта дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн дозанашкахь само латтон езаш хиларх а. "Пен хила беза", - аьлла Трампа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG