ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Челябинскехь тезет кхайкхийна


Магнитогорскехь хилла сингаттам бахьана долуш Челябинскан кIоштахь тезетан де дIакхайкхийна кхаара, хаамбо регионан губернаторан пресс-гIуллакххоша. Документ тIехь бинчу хаамца, йоллу Челябинскан кIоштахь хIоттош ду тезет. Цу дийнахь дIахьур яц самукъадаларан программаш а, барамаш а.

ТIаьххьарчу хаамашца, Магнитогорскехь хиллачу бохамехь велла 8 стаг, тIепаза вайна лоруш ву 36 вахархо.

Орцанхоша нах лоьхуш операци дIайолийчхьана карийнарг ву пхи стаг, шайлахь цхьа бер а долуш. Уьш берш дарбан цIийне кхачийна.

Оршотдийнахь Магнитогорскехь 10-зза тIекIелдинчу цIийнехь чохь ягон газ а иккхина, чухаьрцира гIишлонан цхьа подъезд. Бехктакхаман гIуллакх а диллина, толлуш ду газ эккхаран бахьанаш.

Шинаридийнахь Челябинскан кIоштан губернаторо хаамбира, Iедалхоша 25 эзар сом лур ду херцаршлахь белларш дIабохка лерина. Цул совнах беллачийн гергарчарна 100 эзар сом ахча кхачор ду гIоьнна. Ткъа лазийначарна 50 эзар компенсаци дIасадоькъур ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG