ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан президент хила гIерта шоумен Зеленский


Шоумен Зеленский Владимир
Шоумен Зеленский Владимир

Украинан президентан харжамашкахь дакъалаца шен лаам хиларх дIахаийтина шоумена, продюсеро Зеленский Владимира Украинан бахархошка. Керла шо тIекхача масех минот йисинчул тIаьхьа "1+1" телеканалехь кхайкхамбина цо ишта. ХIоьттинчу хьолехь хIора украинхочун кхо некъ бу аьлла Зеленскийс: хIинццалц санна вахар, я кхечу пачхьалкхе болх - некъ лаха дIавахар, ткъа кхолгIаниг ша хаьржинарг.

Оршотдийнахь официалехь йолаелла Украинан президентан харжаман кампани. Украинан президент хоржур ву Зазадоккхучу-беттан 31-чохь.

Бинчу социалан хаттамца, президентан харжамийн кандидаташлахь хьалха ю "Батькивщина" партин лидер Тимошенко Юлия. ШолгIа меттиг дIалоцу Зеленскийс. Рейтингехь кхоалгIачу могIарехь дIатарвелла Порошенко.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG