ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2018-чу шеран жамIаш дина бакъонашларъярхоша


ДIадахана 2018 шо билгалделира Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхойн боламна цхьамогIа халачу а, гӀайгӀанечу а хиламашца, яздо "Iамеркан аз портало".

ГIура-беттан 8-чохь елла Москох ХIелсинкин тобанан куьйгалхо Алексеева Людмила. Цуьнан тезета ваха аьтто боцуш висира цуьнан дуккха а шерашкахь белхан накъост хилла Пономарев Лев. Дуьхьалонан акци дIаяхьаран кеп йохина аьлла, шена тоьхна 16 де хан токхуш вара иза набахтехь.

Хьалхо "За права человека" боламан куьйгалхочунна 10 эзар сом гуда тоьхнера полицино, лецначу нахана гIортор еш пикет дIаяьхьна аьлла. Ша араваьлла дукха хан ялале Пономаревс хаам бира, ша куьйгалла дон болам дIакъовла мегаш бу, финансашца проблемаш хилар бахьана долуш аьлла.

Оьрсийчуьрчу тайп-тайпанчу регионашкахь халонаш ловш ю "Мемориал". Петарбухехь цуьнан белхахой арабаха мегаш бу шаьш болх бечу хIусамашкара.

"Мемориалан" Нохчийчьурчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб ву талламан изоляторехь латтош 2018-чу шеран Дечкен-беттан 11-чу дийнахь дуьйна. Иза бехке веш ву наркотикаш лелорна, амма цуьнан накъостий тешна бу цунна дуьхьал толлуш долу бехктакхаман гIуллакх леррина кхоьллина хиларх.

Ткъа ГIалгIайчуьра "Мемориал" бехке еш ю нохчийн а, гIалгIайн а доза къастош барт бинчул тIаьхьа дуьхьалонан акцеш вовшахтухуш питана тасарна.

Иштта хьал а долуш, дика хаам бу ала мегар ду цхьана декъана криминалан йолчура дIайоккхуш хилар Оьрсийчоьнан бехктакхаман 282 артикл (ХьагI-гамо я цабезам кхоллар Iалашонца цхьаъ лелор).

"Iамеркан аз" корреспонденто цу хьокъехь комментари эцна "Сова" информацин а, аналитикан а центран директорера Верховский Александрера.

«Дера, лаам ма бара мелла а баккхийн хиламаш хилийта. 282-чу артиклана йина реформа – уггаре кIезиг долу жамI ду, (бакъонашларъярхоша) кховдийначуьнца дуьстича", - боху Верховскийс.

Цунна хетарехь, хIинца юхабаха безаш бу хьалхо 282-артиклан 1-чу декъехула кхелаша бина сацамаш, ткъа иштта хIинца совцо дезаш ду цу артиклехула толлуш долу бехктакхаман гIуллакхаш.

Советан Пачхьалкх юхучу хенахь а, Оьрсийчоьнан Федерацин хьалхарчу шерашкахь а кхоьлинчу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллашна юкъахь къаьсташ яра Салтийн нанойн комитеташ. Царна юкъахь а жигара болх беш ю "Петарбухан салтийн наной" вовшахтохаралла.

Петарбухера ялахь а, и вовшахтохаралла дика евзаш ю ерриг а Оьрсийчохь, шена юкъахь Генара Малхбале а, Къилбаседа Кавказ а йолуш.

Передрук Александр "Петарбухан салтийн наной" вовшахтохараллан юрист ву. Шаьш къахьегар бахьана долуш Оьрсийчоьнан Конституцин кхело ши сацам тIеэцна, боху цо. Уьш боьзна бу лаккхарчу дешаран меттигашкахь а, колледжашкахь доьшу студенташ, арме а ца буьгуш, цхьана ханна цIахь битарца. Кхин цхьа сацам тIеэцна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. Иза хьакхалуш бу 27 шо кхачале арме ца воьдуш висинчу жимачу стагана эскархочуьнан билет даларца.

Цу хьокъехь низамаш тIеэца дезаш ю хIинца Пачхьалкхан Дума. Амма эскархойн бакъонаш баккъалла а ларъярца боьзна толам хир бу аьлла хета Передрукна, нагахь Оьрсийчоьнан арми контрактан бух тIе ялахь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG