ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанаш: Магнитогорскерчу цIа чохь динарг теракт хилла


Байначу беттан 31-чу дийнахь Магнитогорскерчу тIекIелдинчу цIийнан подъезд охьахарцар а, шинаридийнахь "Газель" машенца хилла инцидент а вовшашца дозуш ду аьлла, хаамбина Znak.com гIирсо шайн хьостех пайда а оьцуш.

Маркс Карлан цIарахчу урамера 164 лоьмар йолчу цIа чохь эккхийтар хилла меттиг къастийна – байначу беттан 30-чу дийнахь цхьана стага ханна лаьцна хилла и петар. Гексогенан лараш карийна цу чохь аьлла, дийцина Znak.com хьосте.

"Шинаридийнахь "Газель" автомобил чохь герзаца дуьхьало йина кхо террорхо вийра. Цхьанна къайлавала аьтто хилла. Карарчу хенахь лоьхуш ву иза", - яздо хаамийн гIирсо.

Дийцарехь, юьхьанца дуьйнна Iалашо хилла теракт цхьахйолчу йохка-эцаран центрехь дан.

Error rendering VK.

"Цкъачунна ма-дарра дуьйцийла яц", - аьлла Znak.com хьостане Челябинскан кIоштан къайлахчу сервисаша. Цундела, официалехь теракт дара аьлла, далийна тоьшаллаш дац.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан официалан векало журналисташка аьлла, цIийнан херцаршлахь талламчашна хааелла яц эккхийтаран лараш.

Маршо Радионо яздира, байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь 10-зза тIекIелдинчу Магнитогорскерчу цIийнан цхьа подъезд, газ иккхина, чухаьрцина аьлла. Оцу херцарш бухара исс дакъа хьаладаьккхира, 30 гергга стаг лоьхуш ву.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а хилира Магнитогорскехь.

ХIусамчуьра газ ю иккхинарг аьлла дара официалехь Iедалхоша дина дIахьедар.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG