ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебартойн пхи шо долу йоI цIа ялийна Иракъера


Байначу беттан 30-чу дийнахь Гергарчу Малхбалера цIадерзийначу берашлахь хиллера 2015-чу шарахь Оьрсийчуьра дIадигина Нальчикерчу яхархочун Налоева Мадинин беран бер. Оьрсийчоьнан берийн омбудсменан информацица, Иракъера кхин а 36 бер даймахка дерзор ду карарчу баттахь.

Кху деношкахь Иракъера схьакхачийна бераш Москохарчу реабилитацин центрехь латтош ду. Лоьраша церан могушаллех талламбинчул тIаьхьа, оьшу дарба а лелийна, церан гергарчаьрга дIалур долуш ду уьш, хаамбина Нальчик гIалахь ехача Налоева Мадинас. Пхи шо долу цуьнан кIентан йоI а ю царлахь.

2015-чу шеран Чиллан-баттахь Мисара дIавахара цуьнан кIант Налоев Нодар, шен доьзалхо а, хIусамнана Эфендиева Iайшт а эцна. ТIаьхьо Туркойчу дехьа а ваьлла, шен зуда юха яийта гIиртина хиллера иза. ЦIа ян дуьхьало а йина, цуьнца цхьана Шема дIаяханера Iайшат, циггахь хилира церан шолгIа доьзалхо а.

Дахначу шеран бIаьста Налоева Мадинас хаамбинера, Иракъерчу Талль-Афар гIаларчу пачхьалкхан набахтехь ю шен нус а, цуьнан ши доьзалхо а аьлла. Гергарчу Малхбалера зударий а, бераш цIадерзочу массо а инстанцешкахула чекхъяьллера зуда, шен нус а, бераш а цIа далор доьхуш.

"Цкъачунна даймахка далийна бераш, Оьрсийчохь дуьненчу девлларш ду. ДаIишхоша дIалаьцначу территореш тIехь дина бераш тIаьхьо цIа дерзор долуш ду. Хууш дац, маца хир ду и", - аьлла Мадинас, кIентан шолгIа кIант а, цуьнан зуда а Иракъерчу набахтехь дисар хьахош. Шен кIентан кхолламах хууш дац шена аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG