ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьабиб а, Конор а юха лата тарло


Нурмагомедов Хьабиб а, МакГрегор Конор а
Нурмагомедов Хьабиб а, МакГрегор Конор а

Кхин цкъа а вовшахтасалур ву Оьрсийчоьнан латархо Нурмагомедов Хьабиб а, ирландхо МакГрегор Конор а. UFC-н куьйгалхочо Уайт Данас бина и хаам. "2019-чу шарахь юха а и шиъ цхьанакхетар ву аьлла хета суна. Нагахь планаш хийца ца лахь, вовшахтасалур ву Нурмагомедов а, МакГрегор а", - аьлла, дIахьедина Уайта TMZ хьостане.

UFC 229 турнирехь хиллачу латарх Невада штатан Атлетикан комиссино дендолчу жамIех доьзна ду шина спортхочун тасавалар аьлла, тIетоьхна UFC-н президенто. Нурмагомедовца лата хьалхара бакъо кхача тарло Фергюсон Тонига, я Холлоуэй Максе аьлла Уайта.

Карладоккху, ГIадужу-беттан 7-чохь Лас-Вегасехь летира Нурмагомедов а, МакГрегор а. Дагестанхочо толам баьккхира оцу турнирехь. Цул тIаьхьа хьовсархошна юкъахь летарш хиллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG