ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шпион" ву аьлла, Москох дIалаьцна Iамеркахо кест-кеста вогIуш хилла Оьрсийчу


Шпионалла лелийна аьлла, Москох дIалаьцна Iамеркахо 2007-чу шарахь дуьйнна кест-кеста вогIуш хилла Оьрсийчу аьлла, хаамбина Washington Post хьостано. 48 шо долу Уилан Пол официалехь машенийн меженаш ечу BorgWarner компанехь болх беш хилар къаьстина газетана. Компанехь кхерамзаллан директор ву Уилан. Иштта зорбанехь дуьйцу, Уилан - хIордан пехотехь лаьттина хилар а. Шозза Иракъерчу тIеман кампанехь дакъалаьцна а ву иза, Iамеркан эскарера дIаваьккхира иза къоланаш дарна.

Уилан доьзало бакъдо, цуьнан иччархошца уьйраш хилар. Москох шен доттагIчун ловзарга вахана ву иза аьлла цара.

Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIалаьцначу шайн пачхьалкхан вахархочунна консул тIевита аьлла, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа тIедожорах. Дахначу оршотдийнахь бинера цунах хаам пачхьалкхан департаментан векало, Оьрсийчоьно шайн вахархо шаьш дIалацарх хаийтича.

Оьрсийн къайлахчу сервисаша Москох Iамеркахо дIалаьцна, шпионалла лелош хилла иза аьлла, шеконаш кхоллаелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG