ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох лаьцначу "шпионна" тIевитина Iамеркан векал


Уилан Пол
Уилан Пол

Шпионалла лелош хилла аьлла, оьрсийн Iедалша дIалаьцна, "Лефортово" олучу изолятор чохь латточу Уилан Полна тIевитина Iамеркан Оьрсийчуьра векал Хантсман Джон. Iамеркан пачхьалкхан департаментан пресс-секретаро бина и хаам.

Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка кхааридийнахь дIахьедира, катоххий Уилан маьрша а ваккхий, иза лацаран бахьанаш шайна довзийта аьлла, Iамерко Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожорах.

Байначу беттан 28-чохь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша лаьцна Уилан. "Шпионаж" аьллачу артиклца бехктакхаман гIуллакх долийна цунна дуьхьал. Бехк тIечIагIбахь, 20 шо гергга хан кхачайо цунна набахтехь яккха.

Москох дIалаьцна Iамеркахо 2007-чу шарахь дуьйнна кест-кеста вогIуш хилла Оьрсийчу аьлла, хаамбина Washington Post хьостано. 48 шо долу Уилан Пол официалехь машенийн меженаш ечу BorgWarner компанехь болх беш хилар къаьстина газетана. Компанехь кхерамзаллан директор ву Уилан. Иштта зорбанехь дуьйцу, Уилан - хIордан пехотехь лаьттина хилар а. Шозза Иракъерчу тIеман кампанехь дакъалаьцна а ву иза, Iамеркан эскарера дIаваьккхира иза къоланаш дарна.

Уилан доьзало бакъдо, цуьнан иччархошца уьйраш хилар. Москох шен доттагIчун ловзарга вахана ву иза аьлла цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG