ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Манчестерехь тIелеттарг ша цхьаъ хилла аьлла полицино


Керлачу шеран буса Манчестерехь уьрсаца кхаа стагна чевнаш йина зуламхо ша цхьаъ хилла аьлла, Iорадаьккхина Британин полицино. Делахь а, Reuters агенталло хаамбарехь, полисхоша толлуш ду, хьаьнца уьйрашкахь хилла тIелеттарг.

Официалехь терроран акт санна толлуш ду Манчестерехь дина тIелатар. ДIалаьцна ша зуламхо а. 25 шо долу жимстаг хилла иза. Психикаца проблемаш йолуш хила тарло тIелеттарг аьллера полицино. Могушаллина талламбан дарбан хIусаме хьажийна иза.

ЦIерпоштан станцехь урс даьккхина, адамашна юкъа а иккхина, кхаа стагна чевнаш йинера зуламхочо керлачу шеран буса. И сурт гинчара дийцинера, ша тIелетачу заманчохь "АллахIу акбар" бохуш, мохь туьйхира цо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG