Шо карадеачхьана Оьрсийчохь некъан низамаш дохочу машенлелорхоша токху гIуданаш регионерчу некъан фондашка дIа а кхачош, некъаш тодан а, керланаш дахка а хьажор долуш ду. Пачхьалкхан Думан транспортан а, гIишлошъяран а комитетан декъехь волчу Афонский Владимира бина и хаам.
Цо бахарехь, регионера некъан фондаш дIаюза а, доьхна некъаш юхаметтахIиттон а Iалашонца юкъадоккхуш ду и низам.