ТIехаьрцинчу цIийнан бухахь бисина нах хьалабохуш йолийна операци йоьрзуш ю Магнитогорскехь. ТIаьххьара хиллачух официалан верси хIинца а кхайкхонза ю. Ишта Оьрсийчоьнан талламан комитето цхьана а кепара луш комментари яц, кхо стаг а леш, "Газель" машен эккхийтарх а.
Znak.com гIирсо, шайн ницкъаллийн структурашкарчу хьосташна тIе а тевжаш яздарехь, гIали чохь хилла ши инцидент цхьаьна юзу. Делахь а, официалехь информаци тIечIагIйина яцахь а, Znak.com гIирсан къайлахчу сервисашлахь долчу хьосташа бакъйо динарг теракт хилла боху верси.