ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу доьзало шаьш бух боцуш латтош ду аьлла Къилба ХIирийчохь


Масех сахьтехь полисхоша Къилба ХIирийчуьрчу постехь (КПП) латтош ду шаьш, лерина машенах хьовса деза бохуш, амма мича бахьанашца шеко кхоллаелла хоуьйтуш дац. Ишта латкъамбина лаьцна латточачарех цхьаммо Мазаева Маликас.

31 шо долчу Соьлжа-ГIалин яхархочо бахарехь, еарин буса 10 сахьт даьллачу заманчохь шен цомгашцу ненаца а, вешица а, йишица а, несаца а БуьритIе чу вуллучуьра "Вильнюс" олучу постехь сацийна лаьтта уьш. Гуьржийчу садаIа боьлхуш хилла доьзал.

"Тхо совца а дина, кехаташка хьоьвсира полисхой. Машенах талламбира. Цара вовшашка олуш хезира тхуна, 95 а, 06 а регионашкарчу (Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а) машенашка лерина хьовса деза. Доьхканаш дIатийсина дара тхан, низамаш ца талхийнера оха. Тхоьца принципе а бахна, кехаташ дIа а эцна, латтош ду тхо", - дийцина Маликас "Кавказан узел" агенталле буьйсанна сахьт даьллачу хенахь.

Мазаевас а, цуьнан гергарчара а телефон тоьхна хиллера Къилба ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а, республикан прокуратуре а. ХIетте а аьтто ца хилла церан шаьш сецоран бахьанашна тIекхиа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG