ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара арадаккха долийна Iамеркан эскар


Iамеркан эскарш Шемара арадаккха долийна. Newsmax телеканална еллачу интервьюхь бина и хаам пачхьалкхан секретаро Помпео Майка. Эскарш арадахаран раж ца йовзийтина цо, информаци мостагIчух дIакхетийта ца лаарна. Юккъерчу Малхбалехь хьал тодархьама хьалха а санна гIулчаш яха Iалашо ю Iамеркан президентан Трампан аьлла, тIетоьхна Помпеос. Ишта "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна а, Димаьшкъана гIо латточу ГIажарийчоьнна а дуьхьал Цхьанатоьхначу Штаташа кампани кхин дIа а хьор хилар хоуьйтуш.

Iамерка тешна хила еза аьлла пачхьалкхан секретаро Помпеос, Туркойчоьнан буьйранчаша Шемахь "курдашлахь цIий Iанор дац" аьлла.

Байначу беттан 19-чохь Iамеркан президенто Трамп Доналда дIакхайкхийра, Шемара Iамеркан эскарш арадаха дагахь хиларх.

Шемахь 2 эзар гергга Iамеркан тIемало ву дуьненаюкъарчу коалицин декъехь даIишца тIемаш беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG