ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн фондо "Мерседесаш" дIасаекъарна реза бац Нохчийчохь


\
\

Оьрсийчохь дIаяьхьначу конкурсашкахь дакъалаьцначу шинна "Мерседес" автомобилаш елла совгIатна Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо цхьана кIиранчохь. Уггар дукха дотацеш кхочучу Нохчийчуьрчу бахархоша билгалдоккху, къийсадаларшкахь толам баьккхинарш хьакъ долуш хилар, амма цара емалдо махкарчу Iедалша оццул деза совгIаташ дIасадекъарна.

Кху шарахь "Голос" проектан финале ваьлла Нурадиловн цIарахчу театран актер, филармонин белхахо Умаев Iамирхан.

"Нохчийн халкъан артист" аьлла цIе а туьллуш, "Мерседес" машен елла цунна совгIатна аьлла, хааме даьккхина махкарчу зорбанаша. Еаридийнахь Инстаграмерчу шен пена тIехь йоза дитина Умаевс, Кадыровн фондо шена динчу совгIатна уллохь даьккхина сурт зорбане а доккхуш.

Кхул хьалха, байначу беттан 29-чохь халкъан хьехархойн могIаре а воккхуш, изза "Мерседес" автомобил елира "2018-чу шеран хьехархо" ваьллачу Динаев Алиханна а.

"Республикехь эзарнашкахь бу къоьлла хьоьгуш нах, чу баха тховкIело а йоцуш, шайн цомгашчу берашна дарба дан ницкъ ца тоьаш. Иштачу хьелашкахь "Мерседесаш" дIасаекъар догIуш дац", - аьлла "Кавказан узел" агенталле меттигерчу Iедалшца йоьзна йоцчу организацин векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG