ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зуда а, суьлийн бер а дийна Шемахь


Шемахь кеманца динчу тохаршкахь Оьрсийчуьра зуда а, бер а дийна аьлла, хаамбоина "Новости" агенталле Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас.

Цо бахарехь, Дейр-эз-Зор провинцерчу Аш-Шаафа эвлахь кемано бомбанаш тоьхна йийна Теркйистера 35 шо долу Ахъядова Хьава. Пхи йоI йисина цуьнан, уггар йоккхачун 12 шо, жимачуьн 1,5 бутт хан а йолуш.

Иштта делла цу тохаршкахь Дагестанерчу Юзбекова Розин беран бер - 4 шо долу Халид а.

"Нанна чевнаш йина цу кIентан, шолгIа Iумар цIе йолу кIант дийна висина",- дийцина Саратовас. Маца делла и шиъ билгалдаланза дуьсу.

Ишта бакъонашларъярхочо хаамбина, герзаш дуьйлучу меттигашкара 15 зуда шеца зIене а яьлла, орца доьхуш ю аьлла.

SANA агенталло Лахьан-бутт бовш Iорадаьккхинера, дуьненаюкъарчу коалицино бомбанаш а йиттина, Аш-Шаафа эвлахь 30 маьрша вахархо вийна, шайлахь зударий а, бераш долуш аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG