ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty International организацино Полше гIо доьху Абдурахманов Тумсона


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино динчу дIахьедарехь кхайкхамбина, нохчийн блогер Оьрсийчоьне дIалахь цунна тIехь ницкъбийр бу аьлла. Блогеран адвокато Полшин дозанхойн урхалле чукхачийна кехат, Абдурахмановна депортаци ца яр доьхуш.

Нохчийчуьрчу полисхоша бехкево Тумсо Шемарчу даIишхошца воьзна ву бохуш. Блогеро чIагIдо, ша Шемахь хилла цахиларх, шена дуьхьал долийна гIуллакх махкарчу цхьана лакхарчу даржхочуьнца шен иккхина конфликт бахьана долуш ду бохуш.

Полшин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле кхайкхамбо дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино, Абдурахманов шайн пачхьалкхехь витар доьхуш. Бакъонашларъярхоша билгалдоккху, "нагахь Тумсо Оьрсийчоьне дIалахь, цунна тIехь Iазапаш лелор ду, харц кхел йийр ю" аьлла.

Полшин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле дахьийтинчу кехат тIехь бакъонашларъярхоша ма-дарра дуьйцу, нохчийн Iедалша Абдурахмановца лелочу харцонех а, мича бахьанашца цуьнан вада дезна а Оьрсийчуьра. Ишта организацино далийна дуккха а масалш, Нохчийчоьнан Iедална критика ярна ницкъбина, харцо лелийна, бакъонаш хьешна, нах байина меттигаш хиларан.

Байначу беттан 28-чохь оьрсийн бакъонашларъярхоша Москохарчу Полшин векалтна хьалха кхоъ цхьааллин пикет дIаяьхьира, Абдурахмановна тIехIуттуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG