ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанхойн машаран дийцаршкахь дакъалоцур ду Туркойчоьно


17 шарахь ОвхIанистанан Iедална а, тIалибашна а юкъахь лаьтта къийсам маслаIатца берзош дийцаршкахь шен пачхьалкх юкъара хир ю аьлла Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. ГIажарийчоьнан премьер-министрца Хан Iимранца пIераскандийнахь цхьана хиллачу пресс-конференцехь вистхуьлуш ЭрдогIана дIахьедина, кхаа пачхьалкхан векалийн цхьанакхетар Истанбулехь Зазадоккхучу-баттахь хир ду аьлла.

Хан Iимрана ша догйовха ву аьлла, хиндолчу дийцарша ОвхIанистане машар бохьург хиларх, хаамбо Associated Press агенталло.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн лерина векал Халилзоз Залмай кхозза цхьанакхийтира тIалибашца Гергарчу Малхбален пачхьалкхашкахь. Амма хIоразза а тIалибаша шайна ОвхIанистанан Iедалхошца цхьанакхета лаам хилар чIагIдора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG