ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз духкуш хилла 72 шо долу Оьрсийчуьра вахархо лаьцна ФБР-о


Австралина гена йоцчу Сайпан гIайри тIехь 72 шо долу Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна ФБР-о, яздо Saipan Tribune хьостано. Байначу беттан 29-чу дийнахь каравеана и стаг. Иза бехкево, кхечу пачхьалкхе йохка-эца йихкина хилла тIеман техника Оьрсийчу дехьаяккха гIортарна. Доккхачу декъанна, цуьнгахь хилла буса са гойту гIирсаш а, тепловизорш а. 2017-чу шарахь Флоридехь ордер елла хилла иза лаца.

Оццу зуламна бехкевина, лаьцначу Оьрсийчоьнан кхечу вахархочунна Неведомый Владимирна набахтехь яккха 26 бутт хан тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG