Лос-Анджелесна гергарчу Торрансерчу гIалин боулинг-клубехь герзаш диттина 3 стаг вийна, 4 чевнаш йина аьлла, хаамбина CNN телеканало. Хьалхо гIалин полицино дIахьединера "дуккха а нахана зенаш хилла" аьлла, амма билггал маса ву велларг, лазийнарг къайладьахьнера.
Инцидентан цхьана тешо фейсбукерчу шен пенатIехь видео яьккхинера хиллачух. Цу тIехь гуш ву лаьттахь Iуьллуш цIех вуьзна стаг.
The Los Angeles Times хьостане кхечу тешо дийцина, герзаш деттале хьалха цу клубехь дов дара доьдуш аьлла.
Боулинг-клубан территори гоне а лаьцна, талламаш дIахьош ю полици. Мила ву герз кхийсинарг цкъачунна хоуьйтуш дац.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ