ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магнитогорскехь беллачарна а, лазийначарна ахча дIакхачор тIедиллина Медведевс


Магнитогорскехь белла доьзал
Магнитогорскехь белла доьзал

Магнитогорскехь чухаьрцинчу цIийнан бухахь беллачеран цIарах хIора доьзална миллион сом дIакхачадор ду. ТАСС агенталло шоьтадийнахь бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс куьйгяздина цу кепарчу омрана. Чолхе чевнаш йинчу хIора а стагна 400 эзар сом делла, 200 эзар сом дIакхачийна жим-тIам лазийначунна.

Цул совнах 100 эзар соьмана гIо дийр ду хIусам йьхначарна а. Регионерчу могушаллин а, арахьарчу гIуллакхийн а министраллашца юккъахь Магнитогорскехь беллачийн а, лазийначийн а тептар вовшахтохий, Оьрсийчоьнан орцан урхалле дIакхааде аьлла, тIедиллина министрийн кабинето Челябинскан кIоштан администрацина.

Ишта пачхьалкхо тIелаьцна белларш шен чоьтах дIабохкар а. Пачхьалкхан резерван фондера Магнитогорскна хьажийна 65 миллион 140 эзар сом.

Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Магнитогорскехь цIийнан подъезд чу а хаьрцина велла 39 стаг. Деа дийнахь лийхира херцаршлахь орцанхоша нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG