ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коммуналан декхар бахьанехь шаьш хIусамех довларна кхоьру Нохчийчохь


Анонимехь хаамаш кхаьчна Соьлжа-ГIаларчу бахархошка, нагахь коммуналан декхар цара дIа ца лахь, оцу йолан метта петарш схьайохур ю аьлла. Цхьа а юридикан ницкъ болуш дац и кехаташ, кхерам тосуш дIасакхехьийтина ду аьлла хета "Кавказский узел" агенталло хеттарш динчу юристаша.

Керлачу шеран юьххьехь Соьлжа-ГIалин бахархошка хаам кхаьчна, бахам схьабаккха кечамаш беш бу царна тIехь долчу коммуналан декхарна дуьхьал аьлла.

"Бахам дIабаккхарх хаам" аьлла документ кхаьчна гIалин бIе вахархочуьнга, амма хууш дац, хьенан цIарх даьхкина ду уьш, аьлла агенталлан корреспонденто.

Федералан низамашна тIе а тевжаш хIоттийна и документ:
"Хаамбо хьоьга, коммуналан хьелех декхарш гулдарна хьоьгара хIусам схьа а яьккхина, юха йохка йолийна процедура ю. Нагахь хьо дуьхьал велахь, хIара документ каракхаьчна итт де далале хьайн гулделла коммуналан декхар дIало..." аьлла, яздина ду цу кехат тIехь. Я реквизиташ, я цхьана а хьукматан а, хьаькаман а цIе а яц билгалъяьккхина цу документ тIехь.

"Сан 40 эзар сом ду гулделла коммуналан декхар. Бина барт бу сан урхаллаца, жим-жима дIатокхур ду аьлла. ХIетте а Керла шо карадогIучу деношкахь ишта кехат кхаьчна соьга. Хьан, маца, муха кхачийна хууш яц со, сан неIаран тIомах хьарчийна дара и кехат. ХолчахIоьттинчу ас сайна бевзачу юристашца къамел дира, цара хIусам дIайоккхуш дуккха а процедураш лелон еза, цхьа бух боцуш я бакъо а яц хьоьгара иза дIаяккха аьлча, жимма паргIат хилира со", - аьлла, дийцина Соьлжа-ГIаларчу Лайса цIе йолчу зудчо агенталле.

Коммуналан декхарш бахьана долуш, кхелан бен бакъо яц хIусамдегара петар схьаяккха аьлла "Плиев, Лепшаков а, партнераш а" адвокатйин бюрон куьйгалхочо Плиев Мусас. Нагахь бертаза ша хIусамчуьра аравоккхуш хилча, прокуратуре, я кхеле хаамбан беза стага, хьоьху адвокато.

Республикерчу адвокатуран векало Руслана хаамбарца, оцу кхаьчначу кехаташна сагатдан бух бац.

"Цхьана а кепара юридикан чIагIо йолуш дац иза. Низамашкахь хIусам долахочуьнгара схьаяккха бакъо ю, нагахь кхелан сацам белахь. Кхелахошна а оьшу цхьа бух. Бахаман-коммуналан декхарш схьадахаран барам а цхьана низамашца хуьлуш бу: цкъа дIахьедо, юха шаьш кхачош долу газан, тоькан хьелаш совцадо, чуьра бахам схьабоккху, я банкан чоьташ дIакъовлу, ишта кхи дIа а. И проблемаш ца хилийтархьама декхар волчо барт бан беза, жим-жима дIалур ду ша аьлла",- дийцина юристо Руслана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG