ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьру бераш дуьненчу дохучу хIусамехь яьккхина видео яьржина


Шоьтадийнахь "news_ingushetii" паблико Iораяьккхина видео, Несарарчу берийн дарбан центрехь яьккхина ю, авторо чIагIдарехь. Оцу ролик тIехь доьлхуш бер ду, цIубъен тIармаIа лейкопластырца бета тIе а чIагIйина. Видео йоккхучо дийцарехь, пехашца проблемаш ю оцу дуьненчу даьллачу беран.

"Нерваш ледара ерш ма хьовсалаш кхуьнга! ГIалгIайчуьра перинаталан центр ю хIара. Интенсиван терапи ечу палати чохь ву хIара кIант. Шийла хIусам ю. Нана уллохь яц цкъачунна", -дуьйцу видео тIехь.

Ши эзар сов стаг хьаьжна цу видеога, эзар гергга комментареш йитина, дукха хьолахь оьгIазе, шога.

Дарбан хIусаман коьртачу лоьро бехк видео яьккхинчунна тIехь буьту. ТIаьхьо perinatalny_centr_06 паблико шайгара жоп луш видео яьккхира Инстаграме.

"Хилларг ма-дарра талла могушаллин министр Арапханова Марем кхечира тхо долчу. Талламан урхаллера, юкъараллан кхеташонашкара, Юкъарчу палатан векалш баьхкира",- дуьйцу центран белхахочо.

Коьртачу лоьро Угурчиева Хадис видео тIехь хаамбарехь, 1 кила а, 150 грамм а йозаллица, хенал хьалха дина бер ду интенсиван терапин хIусамчохь. Беран ненан и кIант воцург а, цIахь кхин а жима бер ду, масийттазза цуьнга бIаргтоха йоьдура иза дийнахь.

Угурчиевас бахарехь, съемка йинарг оцу центрехь Iуьллуш ерг ю. Медйиша гергархь йоцчу заманчохь яьккхина цо и видео.

"Тхо тешна ду, пластырца тIармаIа оцу зудчо ша тIелатийна аьлла", - дуьйцу коьртачу лоьро.

Юкъарчу палатан куьйгалхочун гIовса ситуаци "ма юьйццу ирча а яц" аьлла.

"ГIуллакх ма-дарра теллинчул тIаьхьа, ала йиш ю, ма юьйццу ирча а яц и ситуаци. Тхо тешна ду, и ролик йинчунна шена оьшуш хилла, я ишта видео яккха аьлла, цхьаммо цунна тIедиллина хилла. Цхьанна оьшуш хилла и сурт",- аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG