ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчуьрчу нохчаша Полшин Iедалхошка воьху Абдурахманов Тумсо


Абдурахманов Тумсо

Полшин Сейман депутатан Качиньский Ярославан цIарах нохчийн блогер Абдурахманов Тумсона тIехIуттуш кехат дахьийтина Туркойчуьрчу нохчийн диаспоро. Цу тIехь яздо, байначу беттан 20-чохь Полшарчу миграцин хьукмато нохчийн политикан мухIажире Абдурахманов Тумсога цунна дуьхьал гIуллакх а доьллуш, иза Оьрсийчоьне дIавалар дуьйцуш хиларх хаамбарх.

"Лараме Качиньский Ярослав! Карарчу муьрехь нохчийн къам шен исторехь а чолхе мур ловш схьайогIуш ю. БIеннашкахь эзарнаш маьрша нах бойуш, оьрсийн федералан эскаршца хилла тIемаш бахьана долуш, бIеннаш эзарнаш мухIажирш бовла декхаре хилла. Дукхахболчарна тховкIело елла Европан пачхьалкхаша, шайлахь Полша а йолуш. ХIХ -чу бIешерашкахь оьрсийн, кавказхойн тIамехь Полшин бахархоша лаьцна дакъа цкъа а дицдийр дац нохчаша.

1996-чу шарахь оьрсийн къайлахчу сервисаша вийначу хьалхарчу президентан Дудаев ЖовхIаран цIеран сий динчу пачхьалкхашлахь ю Полша а", - яздо кехат тIехь.

Ишта депутате бинчу кхайкхамехь билгалдаьккхина "Нохчийчоь маьрша мохк хила луучу Абдурахманов Тумсос латточу къийсамех а. И санначу нахах пропагандан тIамехь "экстремисташ" беш хиларх а.

"Тхайн махкахочунна Абдурахманов Тумсона тIехIуьтту Туркойчуьрчу нохчийн диаспоран векалш ду тхо. Оха доьху хьоьга, Полшин лараме политик хьо хиларе терра, миграцин урхалле Кадыров коьртехь лаьттачу Путинан Iедалхойн бага а ца тосуьйтуш, Абдурахмановна депортаци ян бина сацам юхабаккхарехь гIо дар!, -аьлла, Истанбулерчу нохчийн диаспоран куьйгалхочо Висхаджиев Iелас куьйгяздина кехатна бухахь.

Кадыров Рамзанан гергарчу хьаькамца конфлкит иккхинчул тIаьхьа вада дийзира Абдурахмановн. Шемарчу даIишхошца хилла ву иза аьлла, бехкаш дохку цунна даймахкахь.

Абдурахмановс чIагIдарца, политикан бух болуш ду цунна дуьхьал айдина гIуллакх.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG