ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу Редантехь зуда йийна стаг лоьхуш ю ГIалгIайчоьнан полици


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

ГIалгIайчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша лоьхуш ву базарахь герз тоьхна зуда йийна стаг, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхаллан зорбанан сервисо.

«Дечкен-беттан 6-хь Малгобекан кIоштарчу Керлачу Редантехь базарахь Несарара яхархочунна герз тоьхна къайлаваьлла вевзаш воцу стаг. Хиллачу чевнах зуда елла оццу меттехь", аьлла ду цу хаамехь.

Карарчу хенахь къастош ду зуламхо мила ву. Низамаш лардон органийн белхахоша дIахьош ю зуламхо схьалацарца йоьзна операци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG