ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий дагахь бу машаре а, бертахь а баха - Умаров


Умаров Джамболат.
Умаров Джамболат.

Нохчий Дала хаьржина къам ду бохуш, хаамаш баржийна интернетехь, иза бахьана долуш леррина дIахьедар дина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, хаамийн а министро Умаров Джамболата, хаам "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Юьйцург йолчух тера ду вевзаш волчу Оьрсийчоьнан яздархочо, поэто Быков Дмитрийс къамел деш яьккхина социалан машанашкахь яьржина видео кийсаг.

"Нохчий Дала хаьржина къам дац кхечу къаьмнел а алсам", - боху министаро Умаровс.

"Нохчаша цхьаьнгара а цхьа а хIума дIа а ца яьккхина, цхьа а дIа а ца лаьцна. Уьш лартIахь баха лууш бу", - дуьйцу цо шен видеоблогехь.

Умаровс кхайкхам бина "харц хаамаш баржочу нахе", нохчийн къам дитахьара аьлла. Европана а, Африкана а джихад кхайкхо дагахь бац нохчий, уьш иштта дагахь бац Iамерка я цхьацца дуьненан дакъош Атлантикан я Тийначу хордана бухадахийта. Нохчий дагахь бу машаре, бертахь баха, билгалдоккху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG