ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказ.Реалии: Устрада-ГIалахь велла Шелара хIусамаш йохош яьккхинчу видеон автор


Шела. Архивера сурт.
Шела. Архивера сурт.

Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, Устрада-ГIалахь велла Шелан юккъехь нехан хIусамаш йохош видео яьккхина Осмаев Абубакар. Иза хилла ГIуран-баттахь.

Болчу хаамца, Осмаевс ца лайна Iедалхоша ша лаьцна латтор а, цигахь шена ницкъ бар а. Иза велла шолгIа инсульт хиллачул тIаьхьа.

Хьалхара инсульт цунна цу стагана хиллера 2017-чу шарахь Iай, интернетехь цо яьккхина видео гучуяьлча лаьцна талламан изоляторехь латтош.

Осмаев чувоьллина латтийнера цхьана баттахь. Нохчийчуьрчу зорбанан гIирсаша кхетийра бахархой, и видео гучуяьллера аьлла Малхбалерчу Нохчийчоьнан мостагIаша аьлларг деш.

"Кавказ.Реалиин" хьастано дийцарехь, Осмаев Абубакаран цIа а, йоккха туька а хилла Устрада-ГIалан юккъехь. Уьш дIахьакхна хилла цу гIалахь маьждиг деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG