ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан векал Карлов вер хьокъехь кхел йолалуш ю Хонкарахь


Хонкаран аэропортехь сийлаллин хен эскархочо караэцна ду Хонкарахь вийначу Оьрсийчоьнан Туркойчохь векал хиллачу Карлов Андрейн сурт, Туркойчоь, Г1уран-бутт 20, 2016 шо.
Хонкаран аэропортехь сийлаллин хен эскархочо караэцна ду Хонкарахь вийначу Оьрсийчоьнан Туркойчохь векал хиллачу Карлов Андрейн сурт, Туркойчоь, Г1уран-бутт 20, 2016 шо.

Хонкарахь дIайолалуш ю 2018-чу шеран ГIура-баттахь Оьрсийчоьнан Туркойчохь векал хилла Карлов Андрей верца йоьзна кхел, хаам бо ББС-но.

Талламхойн версица, жоьпе озийна ву Iамеркехь вехачу дешна стагаца Гюлен Фетхуллаца уьйраш латтош хилла 28 стаг. Туркойн Iедалша чIагIдарехь, Уьш берш Туркойчохь терроран лоручу Гюленан FETO вовшахтохараллан декъашхой бу.

Карлов вийра 2016-чу шарахь ГIура-беттан 19-чохь, кхузаманахьлера исбаьхьаллан центрехь суртийн гайтам схьабоьллучехь. 22 шо долчу Алтынташ Мерт Мевлюта маситтоза тапча туьйхира дипломатна, "Йиц ма е Алеппо!" аьлла мохь а тухуш.

Цул тIаьхьа масех минот ялале Алтынташ вийра кхерамазалла ларъяран ницкъийн белхахошца хиллачу герз тохарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG