Саратовхь "Стратегия-6" цIе йолчу юкъараллин вовшахтохаралло пикет дIаяьхьна, "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб маьрша ваккхар а доьхуш.
Цу акцехь даьхна сурташ Facebook-хь "В поддержку Оюба Титиева" агIонехь арахецна Саратов гIаларчу "Социалан-бакъонан а, Iалам лардаран а центран" куьйгалхочо Хвостов Антона.
Пикетан декъашхоша каралаьцна дара "За вашу и нашу свободу!" (Шун а, тхан а маршонехьа) тIехь долу Оьрсийчуьрчу набахташкахь латтош болу политикан тутмакхаш дIахецар доьху плакат, ткъа Хвостовс каралаьцна дара "Свободу Оюбу Титиеву!" (Маьрша ваккха Титиев Оюб) йоза тIехь долу плакат.