ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненахь дуьххьара уггаре еза компани хилла Amazon-ах


Amazon-ан дрон.
Amazon-ан дрон.

Microsoft-ал хьалха а йолуш, дуьненахь дуьххьара уггаре еза долара компани хилла Iамеркерчу Amazon-ах. Цуьнан мах бу карарчу хенахь 796 миллиард доллар. КхоалгIачу меттехь ю Alphabetс хIолдинг. Apple компани ю 4-гIа.

Кху беттан 7-чу дийнахь махбеш Amazon-ан акцийн мах хьалабаьлла 3,4 процентана. Microsoft акцеш язйелла 0,1 процентана.

Интернетехула шуьйрачу хьаштийн сурсаташ духку компани ю Amazon. Forbеs журналан рейтингаца а догIуш, Amazon кхоьллина волу цуьнан куьйгалхо Безос Джефф дуьненахь уггаре а дукха хьал долу стаг хIоьттина 2018-чу шарахь. 1994-чу шарахь дуьйна цу рейтингехь хьлахара меттиг д1алоцуш вара Microsoft компани кхоьллина Гейтс Билл. Amazon-ан долахочуьнан бахаман мах бу 160 миллиард доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG