Омскан кIоштарчу колонехь хан токхучу Нохчийчуьра схьаваьллачу Акиев Аптина йиттина кхечу метте дехьаваккхуш. Цунах лаьцна хаам бина тутмакхан адвокато Окушко Татьянас, яздо "Кавказский узело".
Акиевна куьйгех тоьхна гӀоьмаш дIайохуш, догIа кагделла аьлла, буруца уьш хедо омра делла хилла цу колонин оперативан декъан хьаькамо. Адвокато дийцарехь, буру хьийзош тутмакхан куьг дагийна, эпсар тIехоьжуш а волуш. Цо шийла хи доьттина а, кхин хIума ца дайтина иза деш бохкучу нахе - оццу колонерчу тутмакхашка. Цул сов, Акиевн дегIа тIехь еттаран ларш карийна, лоьраша таллам 3 кIира даьллачул тIаьхьа бен бина ца хиллехь а.
Акиевна ницкъ бина хиларан тоьшаллаш доллушехь, талламан комететан белхахо реза ца хилла цу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх доло, боху адвокато Окушкос.
Омскерчу номер 6 йолчу колонехь хан токхучу тутмакхаша шаьш Iазап ловш а, хьийзош а ду аьлла, латкъам бира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле дIабаханчу баттахь. Верриг а гIо доьхуш ву 15 стаг. Царна юкъахь ву 4 Нохчийчуьра а, 2 Дагестанера а вахархо.