ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь керла доьзал кхуллучара ВИЧ-унах цIена хилар тIечIагIдан дезар ду


Кегийрхой ВИЧ-унах цIенахилар толлуш Нохчийчохь йолийначу практикех масала эца тарло Дагестанехь а

Текстан автор - Магомедов Закир, гочйинарг Димаева Лиза

Керла доьзал кхуллучу заманчохь жимчу стеган а, зудаберан а дезар ду ВИЧ-инфекцин тестах чекхдала. Меттигерчу парламентан тIаьххьарчу сессехь цу кепара низаман проект кховдийна регионерчу "Роспотребнадзоран" куьйгалхочо Омариева Элеонорас.

"ХIора шарахь СПИД лазар кхета республикехь 200 стагна. Доккхачу декъанна 20 шарера 30 шаре кхаччалц болчу кегийрхошлахь яьржаш ю и цамгар. Стохка иммунодефицитан лазарца билгалдаьккхинчу терахьашца – 59 процент божарий бу, 41 % зударий. Зударийн терахь къаьсттина лакхадолуш ду шо шаре, ткъа и Iаламат вон тIаьхье хир йолуш хIума ду", - аьлла Омариевас, ВИЧ-ун талла оьшуш хилар билгалдоккхуш.

"90 гергга" зудчух иммунодефицитан лазар "маре яхначул тIаьхьа кхетта" боху "Роспотребнадзоран" куьйгалхочо. Хьаькамо бахарехь, низаман проект къобалйина Дагестанерчу муфтиято.

Кхи а цхьа бахьана даьлла коррупци лело

Дагестанерчу "Свои" ВИЧ-сервисан организацин куьйгалхочунна Гаджиев Джаппарна ца тайна хьехон инициатива.

"И хеттарш "Роспотребнадзоро" ша листа дезаш дац, - тешна ву Гаджиев. – Тхох лаьцна царна шаьш вовшахдеттачу терахьашкахь бен ца хаьа. СПИД хьакхаелла нах – наркоманаш а, гейш а, дастам лела зударий а бу моьтту царна. Кхин кIоргера хьекъал доцу нах проблемаш йийцареян боьвлча, "коррупци" ю хьуна олий, коьрте эккха хьан", - дуьйцу жигархочо.

Жигархо Гаджиев Джаппар
Жигархо Гаджиев Джаппар

Сом дIаделчхьана муьлхха а кехат а, тоьшалла а эца таро йолчу республикехь, лоьрашкара сертификат даккха а хала хир дац аьлла, тешна ву Гаджиев.

Цул а пайден хир ду аьлла хета цунна, ситуацина тIе терго а яхийтина, ВИЧ - ун токхучу нахана дарба лехча.

"Кхи цхьа хIума а ду со ца кхеташ: вайн Дагестанан СПИД-центро даим а дика болх бо бохуш, юьйцуш хуьлу и. Оцу юккъехула "Роспотребнадзоран" куьйгалхочо керла низаман проект юкъа йоккху. Цкъа хьалха дика а, вон а дерг къастийна делара цара шаьш. Омариевас цхьанхьара схьаэцна ма ду и терахьаш, талламаш бина боху. Хууш ма ду, и зераш цара муха деш ду. Цул а адамашца болх беш белара цара. Дагестанехь кхо эзар сов стаг ву боху ВИЧ -лазар долуш. Ткъа СПИД-центрехь 4 лор бен вац. ХIун кехаташ-тоьшаллаш? ХIун ду дуьйцург а?! Цу тIе кхачале дуккха а ду нисдан дезарг", - дуьйцу юкъаралхочо.

"Юкъахь безам а боцуш зудаялор а, маре эхар а кIезиг хир ду"

Доьзал кхуллурш тестех чекхбохуш, ВИЧ-инфекцина дуьхьал къийсам латторехь цхьа а перспектива ца го гIоьналлин "СПИД.ЦЕНТР" фондан директорна Красовский Антонна.

"ХIун эр ду кхузахь? И сацам Конституцица богIуш цахиларал совнах, цхьана а кепара пайда бохьур бац цо эпидемица латточу къийсамехь. Юкъахь безам а боцуш зудаялор а, маре эхар а кIезиг хила тарло", - аьлла Красовскийс.

"Цкъа делахь, федералан низамашкахь ВИЧ-лазар зер шайн лаамехь хиларан принципца бIостане ю хIара инициатива. ШолгIа аьлча, кхеташ дац, низам кхочуш ца динчунна муха таIзар дан дагахь бу уьш? ГIуда тухур ду? Я дIалоьцур бу уьш? Суна хетарехь, муьлххачу а таIзаро оцу ВИЧ темана гонах кхи тIе а хьал чолхе доккхур ду-кх. КхоалгIа хьахийча, ВИЧ-инфекцина профилактика латторна дуьненаюкъахь лелаш стандарташ ма ю. Информацин кампанеш а цхьана. Цу тIера доло йиш яц?", - аьлла "Психология за права человека" цIе йолу болам вовшахтоьхначарех волчу Федоров Кира.

Керла доьзал кхуллучу бахархошна ВИЧ цамгар ца хиларан леррина сертификаташ дала долийра дуьххьара Нохчийчохь. Адам кхиар-далар тергонехь латточу урхаллин (ЗАГС-ан) белхахойн а, имамийн а бакъо яц лоьрашкара могушаллех тоьшалла доцуш шинна юкъахь там-мах бан.

Стохка гурахь дуьйнна Нохчийчуьрчу могушаллин министралло керла сертификатан кеп юкъаяьккхина иммунодефицитан цамгарх цIена хилар тIечIагIдеш Соьлжа-ГIалахь. Цу тIехь билгалдаьхна хир ду гепатит а, сифилис а, кхийолу йолу цамгарш а теллина жамIаш.

Регионерчу масех хьосто дийцира, тоххара лоьрашкара кехат-тоьшалла эца аьтто бара, ткъа хIинца "Кадыров Рамзана шога дихкина ду" аьлла. Амма бара къамел динчаьрца, 5 эзарна тIера 10 эзар соьме кхаччалц мах белча, хьайна оьшшучу жамIашца сертификат эца таро ю олурш а.

Дагестанехь ВИЧ терахьашхкахь:

  • Иммунодефицитан лазар кхетта 3336 стаг ву Дагестанехь официалехь
  • 74% божарий бу Дагестанехь ВИЧ-ун токхуш
  • 35% зударий бу
  • Цамгарца болчу зударша дуьненчу даьккхина 348 бер, царех 24 -х вирус хьакхаелла
  • Дагестанехь карарчу хенахь чоьте эцна ву 1 657 стаг, царех дарба деш ву 1 111 стаг. ХIинца а 25 процент бахархойн могушаллех хьовса безаш бу, ткъа ахча Дагестанехь 10% чекхваккха бен тоьаш дац

*Республикерчу СПИД-центран а, Роспотребнадзоран а статистикаца далийна терахьаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG