ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасерчу ОМОН-на совгIатна ах яьшка мандаринаш елла Оьрсийчоьнан министралло


ГIалгIайчоьнан гIалахь Магасехь дIатарйинчу ОМОН-ан белхахоша дийцина, Керла шо даздеш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шайна 52 белхахочунна ах яьшка мандаринаш елла аьлла. СовгIат схьаэца полисхой Магасера шина машенах бахана хилла 130 километр йолчу Соьлж-ГIалан йистехь Iуьллучу Ханкала.

Полицин белхахоша билгалдоккху мандаринаш схьаэца вахийтина 5 ОМНО-хо хилар, буьззинчу барамехь тIедоьхна тIеман барзакъ а долуш, карахь масатоьпаш а йолуш. Полисхоша дIахьедар дина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цу хьокъехь бинарг барам боцуш лахарчу тIегIанера болх хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG