Тахана, Дечкен-беттан 9-чу дийнахь, 62 шо кхаьчна Нохч-ГIалгIайн автономин республика юхаметтахIоттийна. 1944-чу шарахь дерриг а Советан Пачхьалкхан картанашна тIера дIаяьккхира Нохч-ГIалгIайн автономин республика. Цуьнан метта гучуелира Грозненская область олу кIошт. 1957-гIа шо тIекхаччалц «нохчо», «гIалгIа» боху дешнаш лелочуьра сацийра документаш тIехь а, зорбанехь а, литературехь а.
1957-чу шарахь Дечкен-беттан 9-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн автономин республика юхаметтахIоттийра шен указаца Советийн Союзан Лаккхарчу Кхеташонан Президиумо.
1991-чу шарахь Советан пачхьалкх йоьхначулла тIаьхьа Оьрсийчохь тIеийцира репрессеш лайначу къаьмнашна реабилитаци ярх лаьцна низам. Амма реабилитаци ярна метта Нохчийчоьнан территори тIехь конституцин къепе юхаметтахIоттайо аьлла, тIом болийра Оьрсийчоьнан Iедалша 1994-чу шарахь.
Кхин а 5 шо даьлча шолгIа тIом болийра Нохчийчохь. Иза дIабоьдуш а болуш, 2004-чу шарахь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь нохчашна тIехь 1944-чу шарахь йинарг геноцид яра аьлла, сацам бира Европарламенто.