Японино хьалхара меттиг яьккхина Henley & Partners компанин паспортийн рейтингехь. Японхойн бакъо ю виза йоцуш 190 пачхьалкхе баха. ШолгIачу меттехь ю Сингапур а, Къилба Корей а. Цу пачхьалкхийн паспорташ долчу нахана виза ца оьшу 189 пачхьалкха баха. КхоалгIачу меттехь ю Германи а, Франци а. Церан махкахой аьтто бу, виза а ца йоккхуш, 188 пачхьалкхан доза хадо.
Henley & Partners рейтингехь 41-чу меттехь йолчу Украинин паспорташ долчу нехан бакъо ю 128 пачхьалкха баха. Оьрсийчоь ю 48-чу меттехь. Цуьнан паспорт долчунна виза ца оьшу 119 пачхьалкхе кхача.
Ретинган уггаре лахарчу позицешкахь ю ОвхIанистан а, Иракъ а. Цу шина мехкан паспорташ долчера аьтто бу, виза а йоцуш, 30 пачхьалкхе баха.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!