Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказехула урхалло толлур ю Магасерчу ОМОН-но керлачу шарца деллачу совгIатах лаьцна яьккхина видео.
Цу тIехь ОМОН-ан белхахоша дийцина, Керла шо даздеш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шайн 52 белхахочунна ах яьшка мандаринаш елла аьлла. СовгIат схьаэца полисхой Магасера шина машенах бахана хилла 130 километр генахь йолчу Соьлж-ГIалан йистехь Iуьллучу Ханкала.
Полицин белхахоша билгалдоккху мандаринаш схьаэца вахийтина 5 ОМНО-хо хилар, буьззинчу барамехь тIедоьхна тIеман барзакъ а долуш, карахь масатоьпаш а йолуш. Полисхоша дIахьедар дина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цу хьокъехь бинарг барам боцуш лахарчу тIегIанера болх хиларх лаьцна.