ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь керла куьйгалхо хила веза аьлла хета 94% Маршо Радион талламехь дакъалаьцначарна


Оьрсийчоьнан президент хIотта я федералан урхаллан куьйгалхо хила лаам бац шен, дIахьединера дукха хан йоцуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Шен болх республикан куьйгалхочуьнан даржехь берзо лууш ву иза. ХIун ойла ю бахархойн цу хьокъехь, теллира Маршо Радионо 2018-гIа шо доьрзуш, Кадыровс Нохчийчохь кхин дIа а куьйгалла дойла лаьий шуна аьлла хаттар а хIоттийна.

ЖамI иштта ду. Кадыровс Нохчийчохь кхин дIа а куьйгалла дойла лаьа 3%. Кхин а 3% ю куьйгаллехь милла а товш.

Ткъа кху талламехь дакъалаьцначу 94% нахана хета махкахь кхин куьйгалхо хила веза аьлла.

Дагадоуьйту. ХIара таллам Iилманца нисбина бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG