ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йистйоцу депортаци


62 шо кхечи Нохч-ГIалгIайн республика юхаметтахIоттийна

1944-чу шарахь Сталинан омраца ах миллион сов нохчий а, гIалгIай а махках баьхначул тIаьхьа йохийна Нохч-ГIалгIайн (ЧИАССР) республика юхаметтахIоттийра 1957-чу шарахь. Казахстанехь а ГIиргIазойчохь а 13 шарахь депортацехь хан яьккхинчу нохчашна бакъо елира даймахка берза.

Цхьа хийцамаш хир буйла хууш бара ишта а вайнах 1954-чу шарахь дуьйна. ХIетахь, тIаьхьий - хьалхий пачхьалкхан декреташа махках даьхначу къаьмнашца лелон режим малъян йолийра.

Масала, 1954-чу шеран Товбеца-баттахь Советан Iедало юхадаьккхира, бохийначара куп тоьхначу меттигера веддачунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долош, 1948-чу шеран гурахь тIеэцна хилла омра.

Цул тIаьхьа 1955-чу шарахь Советан пачхьалкхан министрийн Кхеташоно сацамбира, депортаци йинчу нахана паспорташ даха. Кхин а цхьа шо даьлча юхаяьккхира уггар а коьрта артикл - нохчашна а, гIалгIашна а шайн даймахка юхабахка доьхкуш хилла йолу.

Ткъа 1956-чу шарахь хууш дара, Казахстанан аренашкахь нохчий кхи дIа сецалур боцийла. Баккхийчарех долчу чкъуро дуьхьало йора Казахстанан а, ГIиргIазойн а мехкашкахь совцуш куьйгязда.

Делахь а, нохчашна, гIалгIашна а, кхарачошна а, балкхарошна а цIаберзон магош, цара сатийсинчу бакъоне кхин а шерашкахь догдаха дийзира.

Оцу муьрехь даймахка берза бакъо ГIирмерчу гIезалошна а, туркошна- месхетхошна а бен елла яцара. 1957-чу шарахь 140 эзар гергга нохчий а, гIалгIай а цIабирзира. Амма бисинчийн таро яцара, хIунда аьлча, церан дай баьхначу меттигашкара зона йихкина яра царна. Бехкам бинчех яра тоххара нохчий баьхна Дагестанера Ауховн кIоштара эвлаш а, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а ерриг аьлча санна, лаьмнийн кIошташ а, Буьри -гIалина гергара кIошташ а.

Адам сингаттамехь дара, мичча хенахь а пачхьалкхера политикан хьал хийцадаларна кхоьруш, шайн ма-хуьллу сихо йора цара Кавказе берза гIерташ.

Цундела дукхахболу нохчий а, гIалгIай а маса цIабирзира хьалхарчу шина-кхаа шерашкахь, Iедалша шаьш цIадерзоре а ца хьуьйсуш.

Шайн дай баьхначу ярташка юхабирзича, Оьрсийчоьнан Юккъерчу агIонгара а, Украинера а кхалхийна балийна нах карийра царна шайн хIусамашкахь. 13 шарахь кхеран цIеношкахь баьхнера уьш, хIусамийн дола а деш. Реза бацара уьш нохчий шайн кхерча бита а. Цхьаболчу нохчийн а, гIалгIайн а дийзира шайн керташ цаьргара мах а луш, юха схьаерзон.

Iедалхошкара официалехь бакъоне а ца хьоьжуш, Оьрсийчуьра а, Украинера а бохийна нах шайн лаамехь дIаэха буьйлира Нохч-ГIалгIайчуьра.

Нохчий а, гIалгIай а цхьабоса цIа эха боьлча республикехь царна дуьхьал гIаьттира бухара адам. Дуьххьара оьрсийн бунт иккхира 1958-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь.

Шахьаран майданахь гулъеллачу адамийн тобано мохь беттара: "Яхийта Соьлжа-ГIалара, нохчий"", "Тхуна дуьхьал ваийта Хрущев, тхан цуьнца дан къамел ду!", "Декъал хуьлда Грозненскан кIошт", "ДIаюза Грозненскан кIошт Оьрсийчуьрчу керлачу мигрантех" бохуш.

1958-чу шарахь Марсхьокху-беттан 27-чохь гIала эскарш уьйзира, къепе меттахIотто Iалашонца. Гулбелларш дIасалаьхкира, бунт йолийнарш дIа а лоьцуш.

Къилба ХIирийчуьрчу шаьш баьхначу Пригородный кIошта гIалгIай юхаберзаран хаттар къастанза дара. Оцу хьокъехь 1973-чу шеран Iай Соьлжа-ГIалин майданахь гIалгIайн интеллигенцино митинг хIоттийра. Iуьйранна 10 сахьт даьлча протесте бевлла нах дIаса ца бухуш шолгIачу дийне бевлира.

Цу кепара конфликт юкъ-кара Дагестанехь а хIуттура, Аухерчу шайн хIусамашка берза нохчашна дуьхьало латтош.

Бахархойх дIадузанза дуьсура Нохчийчуьра ламанан доккхахдолу дакъа а. Цо тIеIаткъамбора регионан экономикехь кхиарна. Цундела бахархойн дийзира шайн дахар республикан аренашкахь керлачу хьелашка дерзон.

Латтанаш тIехула а, депортаци йинчу къаьмнашна юкъахь лаьтта пачхьалкхан дискриминацин политикано а, ненан меттанаш бахьанехь а даим а регионера юкъараллан-политикан хьал ира лаьттара.

Депортаци йинчу къаьмнийн бакъонаш юхаметтахIиттош пачхьалкхо сацамбинехь а, тахана а дуккха а хеттарш листанза дисина.

Материал оьрсийн маттахь язйинарг Маазов Билал, гочдар Димаева Лизин

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG