ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Воьжна Iуьллучу жимачу стагана къиза мийра биттинарг лаьцна Устрада-ГIалахь


Устрада-ГIала. Архивера сурт.
Устрада-ГIала. Архивера сурт.

Устрада-ГIалара 25 шо долу вахархо лаьцна полицин белхахоша, цо лаьттахь Iуьллучу стагана етташ яьккхина видео социаланаш машанашкахь гучуяьллачул тIаьхьа, яздо "Кавказский узело".

Видео яьржира WhatsApp-хь кху беттан 6-чохь. Цу тIехь гуш ву кхо стаг, царах шиъ, цкъа дуьххьара вовше лоь, тIаккха цхьаммо вукхуна, бетах корта а тухий, са а дукъадой, иза лаьттахь Iуьллуш а волуш шозза бетах мийра туху. Хуьлург дукха ирча хиларна ерриг а видео гайта ца хIуьтту социалан машанашкахула иза дIасакхоьхьуьйтурш.

И дерриг а хуьлуш, ма дарра аьлча, хьоьжуш Iаш ву кхоалгIа стаг.

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векло бинчу хаамца, жимачу стагана къиза йиттинарг лаьцна, иза къера хилла зулам дина хиларна.

Бехктакхаман гIуллакх доладале хилларг къастош бу полицин белхахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG