ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера стаг а, кхо зуда а кхелхина Нохчийчохь некъахьовзамехь


Ukraine -- Mykolaiv region deadly road accident, 1Jan2019

Бохам хилла Шелан кIоштарчу БелгIатана гергахь Дечкен-беттан 9-хь буьйса юккъе йолуш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхалло дийцарехь, "Тойота Камри" жима машен кхетта "КамАЗ"-ах. И бахьана долуш машенна урхалла дийриг а, цу чохь хилла кхо зуда а делла. "КамАЗан" шофёр.

Цкъачунна болчу хаамца, некъахIоттаман хьелаш бахьана долуш жимачу машенна хьалха хиъначуьнан гIалат делла цунна урхалла деш. "КамАЗ"-ан шофер жимма аьрташ лазийна висна.

Некъан полицино бинчу хаамца, белларш – стаг а, 3 зуда а – Дагестанера бахархой бу.

Некъабохаман тIаьхьалонаш дIайохуш дакъалаьцна республикерчу орцаллин министраллан белхахоша. Декъий машенчуьра схьадохуш цара пайда эцна лерринчу гIирсах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG