ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГаланчIожан кIошта денъян йолийна Нохчийчуьрчу Iедалша


Нохчийн лаьмнаш. Архивера сурт.
Нохчийн лаьмнаш. Архивера сурт.

2019-шо Нохчийчохь дIакхайкхийна ду ГаланчIожан кIоштан шо санна. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина "цу кIоштана чу юха а садоуьйтур ду" шаьш аьлла.

Республикан Iедалан кхеташонехь вистхуьлуш цо дийцира шаьш дан дагахь долчух лаьцна. Цу юкъахь ду некъаш дар а, газ а, ток а ялор а, шен гIуллакх схьаделла луучу совдегаршна болх бан оьшу хьелаш кхоллар а. И меттигаш даьхни лелош коьрта хила еза, бохуш вара республикан куьйгалхо.

"1944-чу шарахь бохаме хиламаш хилчхьана цхьана Iедалша дихкинера нахана шайн дай баьхначу меттигашка юхабирзина баха ховша. ХIинца вай цигахь схьайоьллур ю школаш, берийн бошмаш, дийр ду кхин долу цигахь ваха оьшург, нагахь бахархой цига юхаберзахь", - бохуш вара Кадыров.

"Нохчийчоь тахана" агенталло бинчу хаамца, карарчу хенахь ГаланчIожан кIоштахь дIахьош бу оьшуш йолу инфраструктура кхолларан белхаш. Царна юкъаозийна бу республикера министраллийн а, урхаллийн а белхахой. КIошта кхачийна ю цу белхашна оьшу техника.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG