ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тхан ларамечу президенто шен хьомсарчу халкъана совгIатна елла "ирсе зама"...


Туркменистанан президент Бердымухамедов Гурбангулы
Туркменистанан президент Бердымухамедов Гурбангулы

Туркменистанан президент телевизионан хаамашкахь масазза хьахийна дагардина

Туркменистанан президент Бердымухамедов Гурбангулы меттигерчу телевизионан коьрта ньюсмейкер хилла ца Iа.

Дикачу агIор бен ца йоккху Аркадаган (урхалхочун) цIе. Президентан балхах, я Iедалхойн гIуллакхех лаьцна сюжет яцахь а, Бердымухамедов ца хьахош йоьрзуш яц меттигера эфир.

"Настоящее время" телеканалан журналисташ дукха хан йоццуш суьйранна гойтучу цхьана программе хьоьвсира. Къоман телехьожийлехь хIора сарахь дIахьош йолу программа эха сахьтехь лаьтта.

Оцу 30 минотехь йоьдучу эфирехь 52 гайтира президентан Бердымухамедовн сурт, ткъа цуьнан цIе яьккхира 34-зза.

Хаамийн программа йолаеллачу 90 секундехь дуьххьара хьахийра куьйгалхо.

"Вайн лараме президент бахьана долуш хилла ду хIара" аьлла, билгалдаьккхира дикторша.

Цул тIаьхьа йоьдучу кхаа минотан блокехь шозза цIе яьккхира Бердымухамедовн, пачхьалкхехь цо кхиамца дина гIуллакхаш дуьйцучу юкъанна.

БархI минот яьллачул тIаьхьа, Туркменистанех керла хаамаш бовзуьйтуш, юха а кест-кеста йохура куьйгалхочун цIе.

"Тхан лараме президент", "тхан къоман лидер", "тхан президенто ден урхалла бахьанехь хилла хийцамаш", "тхан пачхьалкхан куьйгалла а деш", "тхан доладечун адамалле политика", "доза доцу баркалла элира тхан турпалхочунна", "тхан къинхетаме тIетовжийла", "къоман дуьхьа тхан ларамечу президенто юкъайоху сийлахь-яккхий реформаш", "тхан ларамечу президентан баккхий кхиамаш", ишта кхин дIа а.

Президентан Бердымухамедовн васт кхин а тIех исбаьхьчу басаршка дерзийра программин чакхенехь.

"Керлачу шарахь синош деша, дегнаша хеставо Аркадага" аьллачу лозунгца дIабаьхьира барам", - дийцира дикторша, Туркменистанехь хIоттийначу фестивалех дуьйцуш.

"Хьекъалечу лидеран сийлахь гIуллакхаш йилбазмохь хилла дуьне мел ду даьржира", - хаамбира цара.

Кхин дIа бигалдаьккхира:

  • Президентан Аркадаган жовхIаран хьекъало серладаьккхина "зовкхе халкъ";
  • "тхан ларамечу президенто шен хьомсарчу халкъана совгIатна елла "ирсе зама";
  • "Аркадаган нуьре некъ дIабахьар" бохуш.

Билгалдаккха догIу, къоман телевизионо ишта а даим а довзуьйтуш ду Бердымухамедовн гIуллакхаш: машенаш хахкарехь цо дакъалацарх а, спортехь а, иллеш аларехь а бохучу кхиамех а, говраш хохкучохь дакъалацарх а, кеп-кепарчу барамашкахь иза хуьлуш хиларх а.

Цул совнах, Туркменистанан телехьожийлехь президентан киншкаш а цхьаьна йоьшу.

Бердымухамедовс лоьран говзалла караерзийнера. Еххачу заманчохь могушаллин министр а, шел хьалха хиллачу президентан Ниязов Сапармуратан лор а лаьттина иза.

Президент веллачул тIаьхьа, цуьнан метта пачхьалкхан урхалла дан хIоттийра Бердымухамедов. 80 процент бахархоша кхаж теснера цунна.

Цул тIаьхьа шозза толам баьккхира цо президентан харжамашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG